Бада́рж, йа помидóр (лат. Solánum lycopérsicum) — цхьаьна шеран йа дуккха шерийн Паслёнан (Solanaceae) доьзалера Паслён (Solanum) тайпанан кепара бецан орамат[1]. Лелайо хасстоьман культура санна.
Доца факташ Бадарж, Ӏилманан классификаци ...
Бадарж |
---|
Бадарж культурехь |
|
Solanum lycopersicum L., 1753 |
|
|
ДӀачӀагӀа
Ӏилманан а, хӀусаман (кулинарин) а йукъара стоьмех, цӀазамех, хасстоьмех йолчу башхаллех болу кхетамо бадарж (кхин ораматаш санна, масала, наьрс) йуьстича галвоккху. Бадаржан стоьмаш — ботаника агӀора хьаьжчи — дуккха бенаш долу синкарпан цӀазамаш ду. 1893 шарахь АЦШ Лакхара суьдо массара а тӀеэцна, таможнин ял йоккхуш бадарж, лелаяран кепаца, лара мегар ду хасстом, ткъа иза делкъе еш десертан ца луш охьайохку дела, суьдо билгалдаьккхина, ботаникан агӀора томаташ — цӀазамаш ду[2]).