Амазонка (эрк)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Амазо́нка (испан. йа порт. Amazonas) — Къилба Америкин эрк. Кхоллало Мараньон а, Укаяли а хиш вовшехкхетча. Мараньон хин хьостера дохалла — 6992,06 км[1], Апачет хин хьостера — 7000 км гергга, Укаяли хин хьостера 7000 км сов. Амазонка шен уггар дехачохь, Нилца цхьаьна къийсало дуьненан деха охьадоьду хи цӀе йезаш, ткъа иштта бассейнан майданца а, дестарца а дуьненахь уггар доккха хи ду.
Амазонка | |
---|---|
порт. Amazonas, исп. Amazonas | |
Амал | |
Бассейн | 7 180 000 км² |
Хи дайар | 220 000 м³/с |
ДӀаэхар | |
Хьост <span title="Картин кехат [{{{3}}} 026]. Масштаб: 1:50 000. Арахецна терахь билгалде/меттиган хьалаш." style="border-bottom: 1px dotted; cursor: help;">(Т) | хиш вовшахкхоьтийла: Мараньон, Укаяли |
• Локхалла | 110 м |
• Координаташ | 4°26′25″ къ. ш. 73°26′50″ м. д.HGЯO |
Хикхоче <span title="Картин кехат [{{{3}}} 035]. Масштаб: 1:50 000. Арахецна терахь билгалде/меттиган хьалаш." style="border-bottom: 1px dotted; cursor: help;">(Т) | Атлантикин Ӏапказ |
• Локхалла | 0 м |
• Координаташ | 0°35′35″ къ. ш. 49°57′22″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 0,016 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Атлантикин Ӏапказ |
Пачхьалкхаш | |
Медиафайлаш Викилармехь |
Бассейнан майда — 7180 эзар км² (кхин терхьашца 6915 эзар км²). Иза хаъал йоккха йу Ла-Платан эстуари бассейнал (4140 эзар км²) а, Конго ( 3700 эзар км² гергга) бассейнал а.
2011 шарахь дуьненан къовсаман жамӀашца, Амазонка дуьненан Ӏаламан ворхӀ Ӏаламатах цхьаъ лаьрра[2].
Амазонкан бассейнан доккхаха дакъа Бразилин ду, къилба-малхбузан а, малхбузан а кӀошташ — Боливин а, Перун а, Эквадоран а, Колумбин а йу. Дукхах долу дакъа охьадоьдуш ду Амазонкин тогӀе чухула экваторан уллохула субшораллин агӀора, Амазонка Атлантикин Ӏапказах кхета, цигахь кхуллу дуьненахь уггар даккхийчарех дельта (майда 100 эзар км² сов, оцу йукъахь ду дуьненахь уггар доккха охьадоьдучу хин тӀиера гӀайре Маражо).
Амазонкан хи латтадо дукха геннаш; 20 гергга царех дохалла 1500 км сов ду. Уггар даккхийчарех геннаш: аьттунаш — Журуа, Пурус, Мадейра, Тапажос, Шингу; аьрунаш — Иса, Жапура, Риу-Негру.
Бразилин Къоман обсерваторин геофизикан Департаментан хаамца, цхьана агӀора Амазонкица, амма 4 км кӀоргехь, охьадоьдуш ду лаьттан бухахула Хьамза (Hamza) хи. ОхьадагӀаран бараман маххадабо 3 эзар м³/с[3].
Хи дайаран йуккъера барам хин лахенашкахь 220 эзар м³/с (хийцало шеран хенашка хьаьжжина 70 тӀиера 300 эзар м³/с кхаччалц, кхин сов а) гергга бу. Хи охьадагӀаран шеран йуккъера барам 7000 км³ (дуьненан шар тӀехь мелдолу хишшан шеран охьадагӀаран барамах 15 % гергга) гергга бу. ТӀулгаш, гӀум, сацкъар охьахьо — 1 млрд тонн сов. Хи айдалар хин лакха 1400 км хьаладоьду, хикхочехь поророкица цхьаьна айло иза.
Шен геннашца Амазонко кхуллу чоьхьара хин некъийн система, 25 эзар км сов деха ду уьш. Амазонкан коьрта харш кеманаш лелаш ду 4300 км (Андашка кхаччалц) лакха кхаччалц. Манаус гӀала (1690 км хикхочера) кхаччалц хьаладогӀу Ӏапказан кеманаш.
Коьрта порташ (лахара хьала): Белен, Сантарен, Обидус, Манаус (Бразили), Икитос (Перу).
Хин бассейнан майда Австрали майда санна йу. Хи дестар къилбаседан а, къилбан а Амазонкин геннаш тӀехь шеран цхьана хенахь ца хуьлу. Цуо мелла а Амазонкин хин барам цхьана эшшара латтабо, цуьндела иза массо а хенахь дистина ду. Хи дистича бухайоьду шуьйра меттигаш, кхуллу чекх а ца валалуш ишалш.
2017 ш. дац цхьан а транспортан тӀай хин тӀехула.